Ткъа зударша букъ ма-тоьххинeхь, ша делла дош а дицдина, Владикавказе дIавахара Свистунов.
* * *
Ши де дайра гIалин Iедало оцу кхойтта стагана йина кхиэл кхочушйан чалтач лоьхуш.
Амма цхьаннeнна а ца лаьара и эхье болх тIелаца.
Эххар а, селхана карийра. ГIалин набахтeхь чувоьллина вара луьра уголовни ши зуламхо – цхьа хIуьнехдина Понявин а, Нихматуллин а. Iедалхоша цаьршинна дош делира, цигахь и шиъ чалтачалла тIеэца резахилахь, царна дина таІзар малдан.
Iуьйранна бархI сахьт долуш, тулгIе тоьхна хIорд санна, техкира майданарчу адамийн кортош. ГIалех арайелира гIалгIазкхийн отрядан йуьхь.
Тутмакхаш гуш бацара. Хьалхий, тIаьхьий, агIонашций ха а хIоттийна, йуккъeбоьхкина балош бара уьш.
Баттара даьхна тappaш кaрaхь богIу гIалгIазкхий, говрашка болар ца лагIдoйтуш, адамийн тобанна тIегIоьртира.
– ДІасадовлa! Некъ бита! – мохь хьоькхура хьалха вoгIучу сотнико.
Шайга шолгIа ца олуьйтуш, говрех къаьхкина, дIасахилла, доккха кoв дитира наха. ХьалхaбoгIу гIалгIазкхий тангIалкхашна гуо беш дIахIиттира. ТІaьххье гучубевлира тутмакхаш. Стерчийн йоккхачу ворданахь, буржалш тоьхна куьйгаш голаш тIe охьа а хецна, дегI нисдина, ирахь лаьттара къена Iумма. Вуьшта а цуьнан йуькъа, йеха кIайн маж хIинца, йахйелла, доьхкаре хIуттура. Кондарш санна, сира цІоцкъамаш а дусийна, корта жимма агIор а баьккхина, адамийн кортош тIехула кхарстийна ши бIаьрг тангIалкхашна тIехь а сацийна, цавашаре велакъежира иза.
ШолгIачу ворданахь ирахь лаьттара къона Iaьлбаг. Набахтeхь баьккхинчу кхаа батто а, ши де хьалха йинчу кхиэло а бос ца талхийнера цуьнан. Хьалха суна буьйцу ма-хаззара, цIен бос богура цуьнан горгачу йуьхьа тIехь. Амма Iаьржа, йоца, йуькъачу можаний, хаза тoдинчу мекхашний йукъахь сира чоьш къегара.
Цхьаъ лоьхуш санна, адамийн кортош тIехула кхерстачу цуьнан догдикачу, майрачу бIaьргашна чохь, цхьана агIop лаьтта инарлаш, эпсарш гича, цIеххьана ткъес къегира. Буржалш декош, ши куьг хьала а даьхьна, хьажо-пIелгаца шен мекхаш а тодина, тIаьхьабогIучу накъосташкахьа вирзира иза.
Важа бисина тутмакхаш гIаш бара. Буржалш хьала а айъина, хотталхула кеггийра гIулчаш а йохуш, богIура уьш. Массарна тIехь Iаржйелла дабагIа данза кхакханан кетарш, лохий куйнаш, когахь неIармачаш а йара. Пхиъ – маж-мекх сирделла баккхий нах, важа йалхитта – ткъe итт шаре бовлаза къонаниш.
Царалаxь цхьаъ вевзара дуккхана а. Иза вара хьалха эпсар хилла Iуммин кIант Дада. Шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ, аьрзунан хьажар. ЭттIачу чоин белшаш тIехь прапорщикан тиша погонаш йара разйевлла. Схьахетарехь, цхьаннан омрица, беламна йехкинера уьш цуьнан белшаш тIе.
Тутмакхаш шишша цхьаьна а хIиттина богIура, вовшашка лохха къамелаш а деш, наггахь биэла а ийзош. Адамийн гуонна йуккъexь пaргIaт йитинчу йеакIовчу майданахь шаьш совцийча, хьалха вогIучу зоьрталчу къоначу стага, аьрру куьг лере а лаьцна, илли долийра. Накъосташа тIаьхьара элира, ткъа илли олучунна уллохь лаьттачу векъаначу лохачу къоначу стага и айдира:
И тангIалкхаш хIунда йоьгIна, далалов?
Вай ирхъохка йоьгIна йу уьш, далалов!
И жIай-гIанташ хIунда лаьтта, далалов!
Вай тIедаха хIиттийна уьш, далалов!
Шога машшаш хIунда кхозу, далалов?
Вай ирхъохка дихкина уьш, далалов!
Моьттур дара, и илли хьалххе кхоьллина, кечамбина, уьш кхyза баьхкина. ХIан-хIа, иза оцу минотехь кхоллайелла импровизаци йара. Дорцаца ийъалуш, дуькъа дохк хедош, генна аренга даьржира илланчин дуькъа аз.
…И меташканаш хIунда гулло, далалов?
Йижарийн метта белха гулло, далалов!
И миска муьжгий стенна лаьтта, далалов?
Вежарийн метта тезет хIотто, далалов!
И къорза эпсарш хIунда гулло, далалов?
Вайна кIелхьара гIанташ даха, далалов…
Цхьаммо а гочдан ца оьшура иллин дешнаш. Цуьнан гIийлачу мукъамо ша кхетавора нохчийн мотт цахуург а. ХIор а дош, даш санна дазлой, кийра дужура ладоьгIучийн. Тобанна йуккъерчу зударийн лохха белхар иккхира. Муьжгаша а ца лечкъадора шайн бIаьргех комаьршша охьаIена дуьра хиш.
Оцу иллин зeвнна кIел Iуммин а, Iаьлбаган а когех, куьйгex тoьхна буржалш дIадехира аьчка-пхьеро. Буржалех мукъаваьллачу Iаьлбага, куьйгаш дIаса а тесна, букъ саттош, дегI тoдина, накъосташка мохь туьйхира.
– Къосам, Нурхьаьжа! Стенна чIеIа шу, хIара адам а делхош? Mа кхардаде вайх и дIогахь лаьтта къорза заддаш! Вайн халкъан турпала илли ала!
Тхо цкъа а, цхьанне а
Къарделла, совцур дац,
Маршо йа Іожалла –
Шиннах цхьаъ йоккхур йу!..
Ротин командиран приказца хьаьдда тIеваханчу шина надзиратело, цхьацца пхьарс лаьцна, ворданара охьаозийра Іaьлбаг. Амма, цІоькъалоьмо санна, дегI а дуьйлина, шен ницкъ ма-ббу бетах мийра тоьхна, лакхара надзиратель Семин аркъалвахийтира цо, шолгIачунна ластийнарг цa кхийтира, иза дIа а иккхина.