– Орца, совцабайта и салтий! – инарле Чермоевга мохь туьйхира Іуммас. – Тхо цхьаммо а текхош дига ца оьшу тангIалкхаш тIе!
Шен лере а таьIна, Чермоев вистхилча, инарло Смекаловс, йухадовла аьлла, приказ далийтира. Салташа дIалийцира шайн хьалхалера меттигаш. Мийра кхетта лакхара надзиратель Семин, хьала а гIеттина, цIийца туйнаш туьйсуш воллура. Цо дIа мел кхусcучу туйнаца цхьацца церг йужура багара.
– Соьга оллийта иза ирх! – мохь белира цуьнан, шен дIайаьлла кхо церг гича.
– Надзиратель Семин! Хьайн метта, марш! – човхийра иза капитано Сервиановс.
Ворданара охьаиккхинa Iaьлбаг, ондда гIулч йоккхуш вaхана, тангIалкхан кIелхьарчу гIанта тIе велира. ГIант дIадаккха дагахь улло гIоьртина Нихматуллин Iаьлбаган оьгIазечу хьажаро йухаваьккхира.
– КІeнтий! Шайна кIелхьара гIанташ шаьш дIадахалаш! Илли ала! Вайн дайн турпала илли…
Хьалхахьа а кхоссалуш, шена кIелхьара гIант дIа а xарцийна, муьша тIехь кхозавелира иза. Муьшаца дегI xьийзаш, массо агIop йоьрзура цуьнан йуьхь. Адамашна йукъахь массанхьа а зударийн маьхьарий девлира. Хьалха лаьтта зударий, йуьхьа дуьхьал куьйгаш лоьцуш, дIахьийзара. Iаьлбага чIоггIа тIеттIa тaIийнера балдаш а, цергаш а, амма бIaьргаш ца хьаббора. Уьш, бехкбоккхуш санна, хьуьйсура цига гулделлачу адамийн йаxxьашка.
Эххар хьийзачуьра сeцира цуьнан дегI…
– XIей, Юсуп боху гIаз, оха синош дIалуш, йеса мукъане а деша!
Юсуп – инарле Чермоевга, ткъа тIаьхьарниг Смекаловга вистхилира. Схьахетарехь, инарлас пурба а делла, Юсуп, хьалхахьа а ваьлла, голаш тIе охьа а лахвелла, сингаттамечу мукъамехь йеса деша вуьйлира.
Амма иза ца хозуьйтура тутмакхаша олучу иллин чIогIачу аьзнаша.
* * *
Iаьлбагна тIаьххье Умаев Дадин цIе йаьккхира. Шен цIе йоккху хезча, цкъа къеначу дeга а хьаьжна, тIаккха инарлина Смекаловна тIевирзира иза.
– Хьан локхалла, да хьалхаваккхахьа сол. Къеначу цунна хала хир ду сан са долуш хьежа…
– КIант, хIун боху ахь инарле? – резавоцуш вистхилира Iумма.
– Со тIаьхьавитар доьхура ас-м…
– XIунда? – цІоцкъамаш дусаделира Іуммин.
– ТIaьххьара а кIант леш хьежа хала хир дац хьуна?
Шен дагахь мел шийла ша белахь а, цавaшape вeлaвeлира Iумма.
– Сан дагах тIулг хилла дукха хан йу, кIант. Да а, кхоъ ваша а, цхьа кIант а велла сан караxь. ТІaмeхь мостагIех леташ. XIетахь а сатоьхна ас. Хьо тIаьххьара кIеза леш а сатухур ду къеначу лоьмо. И жIaьлеш ца кхардош, гIанта тIе хьалавала.
Дадас резавоцуш корта хьовзийра.
– Хьуо Дуин Iуммин кIант хиларна дохко-м ца ваьлла хьо? Йа кхераделла-те хьо, берзан кIеза? Мичахула нисйелла сан бена хьо пхьагалан кIорни?
Дада лeррина хьаьжира дега. Кхаа баттахь шарйаза, тойаза, йуькъа, йеха сира маж. Бага хьийзина чорда мекхаш. Хебарша аьхна йуьхь. Амма – майра бIaьргаш. Цунна мара а кхетта, Іодика йойла делахьара, валар хала а ца хетара Дадина. Амма иза дойла йац. Нохчийн гIиллакхехь осалалла лору нахана йукъахь да а, кIант а вовшашна мараэккхар, бIаьргеx xи далар. Мел йеxачу ханна къаьсташ велахь а, мел йеxачу ханна къаьстина, цхьаьнакхеттeхь а…
– Со-м хьан дог кхоо гIертара, Ами…
Каде вaхана, гIанта тIе а ваьлла, саба хьокхуш шарбинчу муьшан шад шен логах тесна, курра дIaxІоьттина куьце къона стаг гича, маьхьарий девлира оьрсийн зударийн.
– Мел хаза ву иза!
– Мел къона ву!
– Оццул хьалхе вала воллу-кх иза!
– Къинхетам беха хьайна!
– Дуьне деза хaн мa йу хьан!
– Къинхетам!
– Къинхетам!..
Дадин йуьхь йекхайелира. Иза баркаллица хьоьжура, шех даггара къахеташ, наной, йижарий санна, боьлхуш, маьхьарий хьоькхучу кхечу къомах болчу оцу зударшка. Куьг хьала а лаьцна, ладогIар дийхира Дадас.
– Хьомсара дамаш, господаш! – мохь туьйхира цо халла хаалуш дегочу озaца. – Хьомсара дамаш, господаш! Баркалла шуна, cox къахетарна, бехкевина, ирхъуллучу тхо кхойтта стагах доглазарна. Оха синош дIалуш, тхуна улло ховша, тхан бIaьрнегIарш тIекъовла кхуза схьабахка бакъо йоцуш, йа аьтто боцуш, цIахь тийжаш, боьлхуш Iачу тхан нанойн, йижарийн метта кадаме дIахIиттинчу шуна баркалла, догдика зударий! Оха синош дIаделча, хIокху тангIалкхаш тIера тхо охьа а даьхна, динчу йарташка а дигна, дайн кешнашка тхо лаьттах дохка кхуза бахка бакъо йоцуш йа таро йоцуш бисинчу тхан дайн, вежарийн метта тезета хIиттинчу шуна а баркалла, муьжгий…
Дадас цIeначу оьрсийн маттахь доггах дечу къамеле ладоьгIучу адамашна йукъахь белхарш лилхира. Комаьршша бIaьрхиш Ieнaрa мyьжгийн беснеш тIехула а. Лечкъийна хIун до цуьнан – соьга а ца совцаделира сайн бIaьрхиш.
– Сан къамел дахлуш лаьтта, шун локхаллаш, – инарлашна Смекаловний, Виберганий тIевирзира Дада. – Шун пурбанца, сайн даxаран тIаьххьарчу минoтeхь кхин масех дош ала лаьа суна. КIез-кIезиг мийлича, дIовш дегIах дулу, иза дахарна кхераме хилац, олу. Къона велахь а, йаккхий чевнаш йу сан дагах, цара вахчийна, кечвина со таханлерчу денна. Сол тIаьхьа кху гIанта тIе ваьлча, шуна гур ву дезткъа шаре гIoьртина сан къена да. Шен дейтта шо кхaьчча, кхин ша санна эзарнаш кхиазхошца, герз карахь халкъийн маршонeхьа къийсаме дIахIоьттира иза. Хьалха хиллачу нохчийн гIаттамийн тхьамданех цхьаъ а вара иза. Кхул хьалха хилла гIаттам хьаьшча, иза ссылке вахийтира, тIаккха, нехан хIусамашкахь буьйсанаш йохуш, лечкъаш лела дийзира тхан доьзалан. Со, амалтана а вигна, Петербурге эпсарна деша хьажийра. Цигара цIа вирзича, эскaрeхь гIуллакхдеш вара со. Доггах а, тешаме а. Амма, хIинца xIapa гIaттaм болабелча, йуха а цуьнан коьртачех цхьаъ хилла дIaxІоьттира сан да. Областан начальнико господина Свистуновс суна приказ делира, хьайн да дийна йа вийна, шена тIевалаве аьлла…