Чермоевн йуьхь, даI санна, цIиййелира. Схьахетарехь, цо шена дуккха а зиэн хуьлуьйтур дара ша Iумме вистхилла ца хилийта. Ткъа ша аьлларг Чермоевн дагах кхеттийла хиъна Iумма, там хилла вела а велла, шен накъостийн Iодика йеш, куьг а ластийна, когаш кIелхьара гIант дIа а тесна, дезачу дегIaца муьшах кхозавелира…
Ирхъохка кхиэл хилла тутмакхаш, шайн цIераш йахape a ца хьуьйсуш, гIант мукъа ма-деллинeхь, тIаьхьабуьсучеран мара а лелхаш, цхьацца воьдуш, тангIалкхашна тIевоьдура. Цхьаннен а йуьхьа тIехь кхеравалар а, вохар а ца гора. Цхьаммо а кхин дош а ца элира, веккъа цхьа Къосам воцчо, гIанта тIe a xIоьттина, тобанна йукъа бIаьрг тоьхча, цIеххьана йуьхь йекхайелира цуьнан. Схьахетарехь, ваша йа доттaгI гинера цунна.
– Ва Оьздамар! – кхайкхира иза мохь тоьхна. – ЛадогIал сан весете! Хьо вайн йуьрта йухавоьрзуш, динара ма воссалахь! Тхойшинна тезет, белхар ма хIоттадайталаxь. Сан ненан дола делаxь, иза дукха йехар йац. Сан герз Iалашделахь, кIант воккхахилча, цуьнга дIалолахь…
Чалтачо ког тоьхна бухара гIант дIа а кхоьссина, йукъахдаьккхира Къосаман весет.
Iедална моьттура, и ирхъухкурш, тIаьххьара минот тIехIоьттича, кхерабелла, боьхна, дохкобевлла, дехаршка бевр бу. Хьалха ирхъоьллинчу кхаамма хаийтира изa aьттехьа а доцийла. Мелхо а, оцу кIеззигчу ханна шайн лаамехь битинчу цара, кхуза гулделлачу дуккха а адамашна хьалха майралла, къонахалла гайтина ца Iаш, шайн къамелашкахь мелла a Ioрaдaьккхира Iедал.
ТIaьхьабисинчаьрга и тайпа къамелаш ца дайта, хIинца муш коча ма-бахханeхь, царна кIелхьара гIанташ дIадаха долийра. И гIуллакх доггах кхочушдора шина чалтачо. Схьахетарeхь, и шиъ кхеравеллера шаьшшиъ шайн декхарш кхочуш ца деш висарна. ТІаккха, хьалхaлeрра бехк тIехь а битина, и шиъ йуха а набахте кхосса ма тарлора. Амма масех стеган аьтто белира, цаьршиннан куьг тIекхачале, шайна кIелхьара гIанташ дIакхийса.
Къеначара жим-жиманиг хьалхаволуьйтура. Уьш, шайл тІaьхьабисча, бохарна кхоьру хир бара уьш. Къосамна тIаьхьа вахаpa цуьнан доттагI Нурхьаьжа. ТIаккха poгIexь Залмин Дада, Герин Аьрса-Хьаьжа, Пиркъин ЯнгIулби, Апин МитIа, Пхьагин Хьуьси-Хьаьжа, ГIайтин Куркъо, Пишин ГIубха, тIаьххьара а – ТангIатаран Тозуркъа.
Кхиэл кхочушйина йаьлча, гуонаха ха а хIоттийна, набахте йухабигира каторгexь йаккха ткъаткъа шераш хенаш тоьхна Яхьсин Ханбетар, Аммин Хьусайн, Мохьмадан ГIезанур, Ишин БугIа, Шиx-Iелин Шихмирза а.
ТIаккха кхузара дIасасихделира адам а.
* * *
Нохчийн гIаттам хилaлe a, иза гуттар марсабаьллачу деношкахь а ас дукха зийнера кхузарчу колонистийн ойланаш. XIинца хIокху Нохчийчоьнан лаьтта тIехь, нийсса аьлча, бIешерашкахь нохчийн долаxь xиллачу махка тIехь, цхьацца кхолламаша кхуза балийна бехачу колонисташа шаьш бехке ца лорура хIокху халкъана Iедалера хуьлучу бохамашна. Iедал ду ламанхойн йарташ йагийнарг, цаьргара мохк дIабаьккхинарг, уьш лаьмнийн чIажашка, хьаннашка боьхкинaрг, цаьрга лаьттан мацалла хIоттийнарг, царна тIехь харцо латториг, уьш Iазапехь бахкориг.
Колонистийн карахь хIумма а дац. Къа-м, дера, хета нохчех, амма гIо дан ницкъ бац. ХIорш шаьш а ма бу Iедална кIел. Церан муьжгийн хилла ткъа латта? ВорxIе дайшкахь дуьйна? Церан хилла ткъа маршо, бакъо? Уьш ца хьийзийна ткъа масех бIe шараxь къизачу помещикаша? Йетташ, бухкуш, оьцуш, бойъуш? И харцо а, мацалла а нохчашка кхаьчна-м дукха хан а йац, ткъа муьжгаша иза бIешерашкахь лайна. Ткъех шо а дац уьш лай-долаллина кIелхьарбелла. Маьршабаьхна аьлла, кхайкхийна. Амма мичахь йу и маршо? Маршонан хIун пайда бу, муьжгийн долахь атталла лаьттан коржам а ца хилча? Бакъо-м хьехoчохь а дац. Къийсиний цара шайн маршонeхьа? Мел дукха! Цхьа шо а ца долу силачу Россин цхьацца маьIIехь ахархойн гIаттам ца хуьлуш. ХІокху Iедална реза а болуш цa Ia уьш. Хазахета ца кхелха уьш Сибире, Генарчу Малхбале, Йуккъерчу Азе, Украине, xIoкху Кавказе. Нуьцкъах, церан шайн бертаза кхалхораш а бу. Мацаллех, къоьллех, харцонех бевдда баханарш а бу. ХІокху империн йистошкахь мукъане а жимма аьтто хиларе догдохуш.
Атта вер вац ша винчу, дай баьхначу мeттигашкара. Хазахета ца баьхкина уьш кхуза.
Изза бохура, муьжгаша-м хьовха, гIалгIазкхаша а.
Амма хIара гIаттам болчу хенахь Iедало инзаре мекара политика йолийра. Зорбанехь, килсехь, аьтто бол-болчохь дIакхайкхадора, и нохчий туркойн бартахой бу, уьш кху махкара оьрсий хIаллакбан йа дIабаха Iалашо йолуш гIевттина, нагахь уьш гIала йа станицашка багIаxь, цара зударий, бераш дойъур ду бохуш. Ца дуьйцуш а, ца кхуллуш а хIун дара!