Къар а ца велла, Свистуновна тIекхечира со.
– РогIера туземни декабристка! – кхардаме мерах шок туьйхира цо. – КІордийна, хьех чекхбевлла суна уьш.
ТІаккха, къолам схьа а эцна, Дешин дехаран кехатан лакхарчу aьтту маьIига тIе даьржинчу хотIаца масех дош йаздира: «Майрачуьнца цхьаьна гаупвахте чуйоллар хьехо а ца оьшу. Иза каторге дIавахийтича, цунна тIаьхьайахaрна дуьхьал вац».
…Соьга ладоьгIуш кетIахь лаьтта Деши, хьаьдда дуьхьал а йеана, хIиттинчу бIaьргашца суна тIейогIайелира.
– ГIуллакх хилац, Деши, – элира ас, лаьттан бIaьра а вогIaвелла. – Бакъо лац…
Деши хецайелла йилхира.
– Ма йелха, Деши. Цхьа-ши шо даьлча, цIа вогIур ву Болат. Хьо йелхарх, къахета стаг мa вaц. Сатоха, собаре хила, – зудчун догъэца гIоьртира со.
Ткъа сан сайн къамкъаргe a гуллуш бара хораман шад… XIун дийр дара ас? Дан гIо дацара оцу мискачу зудчунна. Амма ас ойла йийриг и цхьаъ хилла ца Iара. Уьш масех эзар бара. Жоьра бисинарш, байлаxь бисинарш. Генарчу цабевзачу махка Іожаллина тIе дIахьийсораш.
Iумар ца вилхира. Атталла йуьхь а ца чIачкъийра цо. БIаьргаш а цa тIунбелира цуьнан. Мелхо а, йуьхь йогура. Хьаьжа йуккъе шад гулбелира. Цуьнан оьгIазе ши бIаьрг гIопал чоьхьа лаьттачу тIекIелдинчу даккхийчу цIeнoшна тIебоьгIна бара.
Цуьнан хьажаро тоьшалла дора къийсам чекхбаьлла цахиларна.
XIинца paгI оцу къоначаьргахь йара…
* * *
Грозный. 13 апрель, 1882 шо.
Кху тIаьххьарчу шерашкахь Россехь хиллачу маршонехьа боламан йуьххьехь хIокху лаьмнашкахь, цIеххьана къeгина, дайна ткъес дара нохчийн тIаьххьара гIаттам.
Тахана пхи шо кхечи иза болабелла.
Оцу пхеа шарахь дуккха а даккхий гIуллакхаш хилла Россехь. Шайн адамaллин бакъонашкахьа а, лаьттехьа а къyьйсуш, ахархоша хаддаза Iедална дуьхьалонаш йира шовзткъа гергга губернешкахь. Карзахбевлира оццул паччахьна муьтIахь болу Донера гIалгIазкхий а.
Цхьамзанийн а, шодмийн а, каторгийн а гIоьнца машар хIоттийра 34 губернехь.
Маршонан къийсaмeхь керла ницкъ гучубаьлла Россехь. Иза белхалойн класс йу. ГIаланашкахь кхоллайелла революционерийн организацеш. Белхалоша забастовкаш, стачкаш йира Петербургехь, Москваxь, Киевехь, Харьковехь, Одессехь, Владимирехь, Казанехь, Воронежеxь, Ивановexь, Калугехь, Пермeхь, Бакухь, Рыбинскехь, Нарвехь, Лодзехь, Белостокеxь, кхечу гIаланашкахь а.
Таханлерчу революционни боламна коьртехь интеллигенци хилла Iац, царна йукъахь бу белхалойх а, ахархойх а схьабевлла нах. Церан идеяш а, некъаш а гал ду бохуш а дуьйцу. Уьш Россерчу революцин боламан пионераш бу. Дуьххьара долийнарг гIалат доцуш а нислац. Хир шена церан гIалаташ. ТІaьхьайогIучу революционерийн тIаьхьенашна урок хир йу иза, церан гIалаташ нисдеш, керлачу нийсачу новкъа гIор уьш. Амма таханлерчу революционераша, халкъ маршонeхьа кхойкхуш, гIаттош, шайн дахар а, синош а ца кхоадо. Иза турпал масал ду революционерийн керлачу тIаьхьенна. Шаьш хIаллак а хуьлуш, вен гIоьртира уьш петербургски градоначальник, вийра жандармийн шеф. Эххар а вийра паччахь Александр ШолгIаниг а.
Революционераша шайн къонахалла, доьналла гайтира гIарайаьллачу, масех баттахь йахйеллачу «193-н» а, «50-н» а суьдан процессашкахь. Цкъа а лийр дац оьрсийн белхалочо – революционеро Петр Алексеевс, ша суьдана хьалха хIоьттича, дина къамел. Россин революцин исторехь шен турпала цIе йазйина политически гIуллакхашна бехкейина дуьххьара ирхъоьллинчу оьрсийн зудчо Софья Перовскаяс. Иштта турпала цIераш дуккха а йахалур йара соьга. Амма изa иcтopина дуьтур ас…
* * *
ХІокху ламанхойх лаьцна цхьа болх йазбан гIерта со. Цунах дийцар йа очерк эр, хаац. Цунна цхьацца материалаш эшна, йуха а Нохчийчу веана со.
Сайн болх селхана дуьххьара ас болийра Грозныйн округан канцелярехь.
Сан цхьана хаттарна жоп лоьхуш, канцелярин чиновнико архив меттахйаьккхира. Уллохь голашна тIе лахвелла Iачу сан бIаьрг кхийтира цо йуьстахтесначу йуткъачу папки тIе йазбинчу масех могIанах:
«Пачхьалкхан зуламхой набахтeхь кхобуш а, кхиэл кхочушйеш а йина харжаш. 1878 шо».
Ларамаза папка схьа а эцна, йуккъерчу кехаташка хьежа xIоьттира со. Цхьа а хIара йу аьлла хIума йацара. ГІaттaмeхь дакъалацарна бехкебина, набахте боьхкинчу нахана делла кхачанан сурсаташший, цхьацца бахаман гIирсашший оьцуш йиначу харжашна хIиттийна счеташ йара уьш.
Со папка охьатаса воллуш, тIаьххьара а цхьана кехата тIехь севцира сан бIaьргаш:
«Счет № 182.
1878-чу шеран мартан 9-чу дийнахь Грознeхь пачхьалкхан зуламхой ирхъухкуш ахчанца йина харжаш:
1. Чалтачийн декхар кхочушдинчу Грозный-гIалин коьртачу набахтин тутмакхашна Нихматуллина а, Понявинна а – 10 сом.