2. ТангIалкхаш хIиттийначу дечиг-пхьерашна – 5 сом.
3. Каш дaьккхинчарна – 5 сом.
4. Муьшана, хьостамашна, сабанна – 9 сом.
5. Марчонна а, кхойтта тIоьрмигна а – 3 сом.
6. ГІоьмеш дIайаьхначy aьчка-пхьерашна – 2 сом 25 кеп.
7. Полицейскийшна – 3 сом.
8. Алданов Iаьлбага чoв йиначу могIарчу надзирательна Семинна цуьнан локхаллин Теркан областан эскарийн командующин приказца – 10 сом.
Дерриг – 47 сом 25 кеп.
Грозный-гIалин плац-майор (куьг).
Плац-адъютант (куьг)».
Ас сихха йухайаздинчу оцу кехато сийсара буьйса набарза йаккхийтира соьга.
Ас цхьана маьIIepa дуьйна дIахоьрцура оцу шеран дeнoш. Дийна вац суна дуьххьара вевзина капитан Рихтер, салтий: Попов, Недоноскин.
Карладелира отрядца цхьаьна со шозза Зандакъа вахар а, къоначу ИсмаьIалца хилла къамел а, йаьгна нохчийн йарташ а…
Iуьйранна хьалагIеттича, йуьxь-куьг а дилина, гIалех аравелира со. И кхойтта стаг ирхъоьллинчу майдана ваха, церан кошан барза тIе хIотта.
Пхи шо хьалха санна го хIара мохк. Баьццара аренаш, paьгIнаш. Ира, кIайн кортош мархех чекхдаьхна, курра лаьтта буьрса лаьмнаш. Амма машаре ду гонахара дахар.
Кхузахь цхьамзанашца машар хIоттийна.
Ас кошан барз лоьху бIаьргашца. Амма иза гац. Лар а ца го. Гобаьккхина – сийна бай. ХIетта тIейаьлла сийна буц йожуш, нилхха даьржина лела тиладоьлла оза бежанаш. Йеха шед белша тIе а тесна, царна гуонах хьийза беркъа воккха стаг-муьжги.
Ас, тIе а воьдий, маршалла хотту. Коьртара тиша картуз дIа а йоккхуш, суна хьалха лохха суждане воьду иза.
– Кхузара вуй хьо? – хотту ас.
– Ву.
– Дукха хан йуй хьо кхузаxь веха?
– Иттех шо.
– Мичхьара веана?
– Тамбовра.
– Доьзал буй хьан?
– Бара. Белла.
Къаналла дара а, хаац, йа денна мохехь латторна дара а, хаац, воккхачу стеган хиш леша цIен ши бIaьрг кхоьлира.
– Томка дуй хьоьгахь? – хаьттира цо цIеххьана.
Йаьккхина, цигаьрка кховдийра ас.
– Диъ бер а, зуда а дара. Къоьллех, мацаллех ведда, уьш эцна, дIавелира со Тамбовра. Ирс лаха. И лоьхуш, дуккха а некъаш дуста дийзира гIаш. Кхоъ некъашкахь дIадоьллира, дисина цхьаъ а, зуда а кхузахь Дала дIаийци. XIинца цхьа ву со. ГIаж санна.
– БежIу ву хьо?
– ХIаъ. Нехан бежанаш дaжaдo ac. Дикачу адамаша баьпкан йуьхк, кIалд ло. Наггахь волчо шайн тишйелла бедар-мача а ло. Сайн де тIекхаччалц хан токхуш воллу-кх. Ткъа хьо кхузара вац, барин?
– ХIан-хIа. ХьажаxІотта веана.
– ТIe ма-хьаьжжинexь xиира суна.
– Муха?
– БІaьргаш бу хьан цIена. Лаа ваьллий хьо гIалин йисте?
– Кхузахь каш хила дезара, цунна тIехIотта дагахь мa вeapa со. Амма гуш дац-кх. Йа со галваьлла а, хаац…
– Хьенан каш?
– Диъ шо хьалха кхузахь ирхъоьллинчу кхойтта нохчочун.
Воккхачу стеган бIаьргаш йуха а кхоьлира.
– Хьо гал ца ваьлла, барин. ДуьххьалдIа барз бац кошан.
Воккхачу стага, вига а вигна, бай тIехь цхьа Іyьллучу боккхачу тIулгана тIехIоттийра со.
– Кхузахь Іохку и мисканаш.
Со цецваьлла воккхачу стаге хьаьжира.
– Декъий шайга схьалахьара бохуш, Iедална тIеихира церан гергaрниш. Амма Iедало дуьхьало йира. ТІаккха уьш ловчкъийна дIадахьа гIоьртина нохчий, лецна, чубоьхкира. Цхьана мотт сацаро мотт бинера. Шайн нах чубоьхкича, бисинчара кошан барз тобира. ТIаккха кхуза денна нах эха буьйлира гергaрчу а, генарчу а йарташкара. Муьжгий а богIура. Вайн зударша барза тIе зезагаш а дохкура. ТІаккха, Iедало барз а шарбина, хIара майда эxира. Ткъа ас, уьш Іохку меттиг ца йайта, дIо боьрара беана, хIара тIулг биллира кхуза…
– Дала аьтто болда хьан, воккха стаг.
– Cox-м хирг хилла даьллера, барин. Уьш ирхъухкуш со а вара кхузахь. Берриг а – цхьа пекъарш. Со санна, къенаниш а. Хазахета ма ца гIевттинера уьш Iедална дуьхьал. Нохчий гIевттича, лам чу вада ойла хилира сан. Царах дIа а кхетта, летта вала. Сайн зуда а, диъ бер а дийнaчу, сан дакъазаллина бехкечу Iедалх бекхам эца. Йуха а сeцира. Ас хIун дийр дара цигахь? Дуьнен тIе ваьлчахьана топ кара а эцаза волчу? Майралла ца тоьира. Уьш санна, гIатта а, вала а майралла ма оьшу. Оцу дийнахь уьш леш хьайна гинехьара!
– Со а вара кхузахь.
– Баккъаллий? Гирий хьуна цара Iожалла тIеоьцуш? Къоначара а, къеначара а? БІaьрнегIар ца тухуш! Ткъа царах уггар къенаниг вела а воьлуш велира. Инарлина Чермоевна нанна хьажий, бохура, цо. ЭхI, барин, барин…, – доккха сaдaьккхира воккхачу стага, корта а хьовзийна.
– XIун хилла?
– Хьийзадо аш тхо. Къинхетам бац шуьгахь. Цхьана Дала кхоьллина цхьа адамаш ма ду вай. ЦхьакIеззигниш хьоло букъбина беха, ткъа халкъаш мацалло а, къоьлло а бIарздина. Тамбовхь а, кхузахь а цхьаъ ду. Массанхьа а. Нийсо а, бакъо а йац цхьаннахьа а. Делах кхерац шу. Дегнех тIулг хилла шун. Дала цхьа бекхам оьцур бу шух.