Выбрать главу

Со вист ца хилира.

– Уьш дIабухкуш хилларг хаьий хьуна? – xaьттира воккхачу стага. – ГIанта тIе а хIоьттина, къамел дина къона стаг дагавогIий хьуна?

– Iуммин кIант Дадий?

– ХIаъ, хIаъ. Цуьнан пIелгах дашо чIуг хилла йезаро йелла. Шен везарна тешамна йа безамна йоIа чIуг луш гIиллакх ду нохчийн. Цуьнан дакъа ор чу тосуш, и чIуг гина шина чалтачна. ЧIуг схьа ца йаьлла, мел ийзaйарх. ПIeлг бистина ма хилла. ТІаккха цушиннах цхьамма, диг тоьхна пӀелг хадийна, схьайаьккхина иза. Муха хета хьуна адамийн сутаралла? И хиъначу Iедало, хьалхалера бехк тIехь а буьтуш, набахте кхоьссина и шиъ. Цхьаболчара вийна, боху, и шиъ, кхечара, йерриг оьмарна каторге вахийтинa бoхуш а дуьйцу.

Соьгара масех цигаьрка а йаьккхина, баьржинчу шен бажана тIaьхьавахара воккха стаг.

Ткъа со сайн ойланашца цхьа висира…

* * *

ХIаъ, къаьхьа дакъа кхочу маршонехьа гIеттинчуьнга. Дуьненан массо махкахь а. XIун хилла маршонна гIевттинчу оьрсийн кIeнтех? Шах Iуьрг а даьккхина, хи чу кхоьссина вийна Болотников. Лобни меттeхь цкъа хьалха межeнaш а йаьхна, тIаьххьара а кортош даьхна Разинан а, Пугачевн а. Къиза хьийзийна, ша-шега вейтира Радищевга. Пхиъ декабрист ирхъоьллира, бисинарш Сибиран каторгашкаxула, кхуза Кавказехула баржийра.

Массо а цецвуьйлу хIокху кхойттанан турпалчу Iожаллех. ХIокху майдана баьхкира уьш, вовшашка лохха къамелаш а деш, забарш а йеш.

Иштта лаьттира уьш кхузахь а, хьалаохка шайн рагI тIекхаччалц. Ткъа Iaьлбага надзирательна тоьхна мийра? Цхьана агIop лаьттачу мундирашка цо дера кхарстийна бIaьрг? Халкъан турпалчу иллица цо тIаьххьара садаIар? Къоначу Дадин къамел! Моьттур дара, иза цхьана банкетeхь дош олуш ву. Ткъа къеначу Iуммас инарла Чермоевн йуьхьадуьхьал тоьхна оьгIазе дешнаш, лечу минoтeхь цуьнан йуьхьа тIехь дисина цавашаре велар?

XIун дара-те царна и собар, къонахалла, ницкъ белларг?

ХІокху кхойттаммо къизаллин а, оьздабацарийн а лараш ца йитина шайна тIаьхьа. Оцу дийнахь церан бакъо йара майрра муьлххачу а халкъан бIаьра хьовса: уьш халкъан маршонeхьа гIевттинера, цара шаьш ма-аллара, цхьана а машаречу, бехкбоцчу адаман са цa дaьккхира, цхьа а сийсаз ца винера. Бакъонан гIуллакхна гIевттина уьш, цхьа тIадам а эхьан томмагIа доцучу оцу халачу некъахула чекх а бевлла, шайн синошца цIена болуш xIyьттура тангIалкхашна кIел.

Дог цIена хилча, атта ду кхерамна, Iожаллина дуьхьалхIотта а, вала а. Дог цIена хилча, майра хуьлу стаг.

XIинца xIокху тIулга кIел лаьттах Іохку уьш кхойтта. Безамехь къона Iaьлбаг, куьце Дада, буьрса Iумма, зоьртала илланча Нурхьаьжа, эгIаза Къосам. Хезаш санна хета Нурхьаьжин кIеда, дуькъа аз. Дадин гIайгIане, амма майра къамел. Iуммин буьрса дешнаш, Къосаман йукъахдисина весет…

Хенан йохалла дIабер бу кхузара хIара тIулг а. Баккъал а, атталла тIехIотта кошан барз боцуш вовр ву-те хIара кхойтта турпал?..

Шайл хьалха нохчийн къоман маршонехьа къуьйсуш, тIеман арахь турпала эгначу, набахтешкахь къиза байъинчу, хIорш санна, тангIалкхаш тIе ирхъоьхкинчу, шийлачу хийрачу Сибрех доьза байъинчу нохчийн халкъан эзарнаш турпалхойн санна?

Амма оцу кхойттаннан дуьххьара ца баьлла и декъаза кхаж.

Каш дац халкъан дуккха а баьччанийн – Булавинан, Болотниковн, Разинан, Пугачевн, иштта кхечийн а, дуьненарчу харцонна дуьхьал маршонехьа, нийсoнeхьа, доттагIаллехьа шайна ма-хуъу, шайн ницкъ ма-кхоччу, амма турпала лиэташ, кху лаьмнашкахь а, Россин йистйоцчу аренашкахь а махках баьхна хийраллехь беллачу эзарнаш маршонан кIентийн…

ШолгIачу книгин чаккхе.

1975–1979 шо.

Мескета