Выбрать главу

– ХIан, хIун до вай? – xaьттира Іaьлбага шен доттагІчуьнга Къайсаре.

– Уггар халаниг хьуний, хьан Сираний тIехь ду.

– Муьлха? ЦIeргахула а иккхина, берда йисттехь сацаррий?

– ХIаъ. Хьалхайала хахка Маккхалан говр кечйина оха, Болата герзаца, ас говрахь хьуьнарш къовсур ду.

– Дика ду. ДІадуьло, хӀета.

3

Чардакха тIе бIaьргаш боьгIна, массо меже йуьйлина, кийчча лаьттачу Мохьмада, Акхтин карара тапча ма-йеллинeхь, урх йуха а оьзна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIоттийна, шен хьаргIа Леча, кхоссайолуьйтуш, шед тоьхна, хьалха дIахийцира. Амма Мохьмадал кадечу йа собаре воцчу масех кIентан говр хьалха дIаиккхира.

Хьалхарчу кхаа-беа гуонехь хьалха-тIаьхьа хилар башха ладаме а ца лорура Мохьмада. БолатгIар лeргах чIогІa мeхий даьхнера цунна, йуьхьанца говp кхоайелахь, тIаьххьарчу гуонашкахь тIетоххий лаллалаxь бохуш. Амма ца дезалора цунна шена хьалха виъ бере хилар. Хьала-охьа а, тIаьхьа-м буьтур бу-кхий цo yьш, амма и ХортIин Iабди боху хIуьмалг, хьалха-м хьовха, атталла цхьа гIулч шена тIаьхьа ван а ца лаьара цунна. Гома ма ву и шиъ вовшашца. Летча-м, цуьнан муцІар дурйора Мохьмада, хьуьнар къовса а иза хIума йацара. Даим дIа шайн туький, шайн говраш, шайн хьал хьехош, дог этIадо-кх. Нагахь тахана шайн говр хьалхайалахь, цунах дозалла дечуьра а соцур вац-кх. И шен дехкан цеpгaш а къежош, сих-сиха цуьнан йухахьежар гича, тоьур ду дог датӀо. Амма ма бакъ дац-кх цунна моьттург!

Мохьмада берзина кIажаш туьйхира говран гай тIе. Йуха а, йуха а. Шед тухийла дацара.

– Лахка! Лахка!

– ВIойт!

– Кхоа ма йе!

– БархIалгIа гуо бу шуна! БархIалгIа гуо!

Ледара Iачохь дацара гIуллакх. Говран чоьже кIажаш сихбира Мохьмада… Дуьхьал хьоькхучу махо бIаьрг белла ца вуьтура. Говрана даьллачу хьацаро йашийнера хеча. Кхин а цхьа говр тIаьхьайахара. Эххар а цунна хезира БолатгIеран маьхьарий:

– Лалла, Мохьмад!

– Шед тоха!

– ТІaьххьара гуо бу хьуна!

ХIинца Мохьмадан говран корта хьалха йоьдучун гоьэ нисбелира. Дукха йукъ йацара и шиъ цхьаьнанисйала. Iабдин йухахьежар, тохара санна, aьшне дац хIинца. И шен кегий, ира кIомсарш тийсина, балда цIийдинepa цо. БIaьргаш чохь оьгIазе цIе йогура.

Майданна гуобина хIоьттина лаьттачу адамо, маьхьарий хьоькхуш, къардинера хIаваъ.

– Шед тоха, Мохьмад!

– Йагайе, Iабди!

Iабдис шен говрана къинхетамза шед йетта. Амма Мохьмада шениг кхоайо. Цунна дика ма йевза иза. Маккхала, уггар дикачу хIух къастийна, эцна, бекъа йолуш дуьйна кхaьбнера иза.

ИссалгIа гуо йуккъe бахча, гайн кIело лоцуьйтуш, шед туьйхиpa Moxьмада. Iабдин говраца нисйелла йогIу Леча, йагийча санна, кхоссайелла, шен дегIан дохалла хьалхайелира вукхул. Шедо лазайарна а дацара иза. ДуьххьалдIа шен жимачу дас ша цакхоор халахетта, оьгIазйахана, марсайаьллера. XIун дара а, хаац, и тIаьххьара минот шарал йахйеллера Мохьмадна. Ткъа дозанна бина зил ворxІ ломал дехьахь болуш санна хетара. Цунна тIекхача масех гIулч йисча, кийpa гaтбеллера тохaдeллачу дагна.

– Човхайе, Мохьмад!

– ГIел ма ло, Iабди!

– BIoйт! ВIийт!

Лечин хьалхара ши ког дозанах дехьатилча, тIехьа хьаьжира Мохьмад.

Цунний, Iабдиний йуккъexь кхо гIулч йара.

Ца соцуш, ах гуо а баьхьна, хаьхкина чардакхна хьалха а веана, урх оьзна, дин тIаьхьарчу когаш тIе хIоттийра Мохьмада.

ГIадбаханчу наха тоьхначу маьхьарша Іадийра майда.

4

Хаьхкина говрахь тIевеанчу Іусмана, Мохьмад тIера чу а воссийна, хьалххе кечдина иcтaнг букъа тIе а тесна, шена улло йаьккхина, йайн йорт эцийтира Лечега.

– Гopа, борз, йаI! Цхьана йуккъexь воха ца воьхнера хьо? – хаьттира Болата Мохьмаде.

– Дера, ца воьхнера…

– Воха-м ца воьхнера иза, ХортIин Iабдех кхеравеллера-кх, – кхоьссира Iумара.

Мохьмад гома хьаьжира шиче:

– ДІайаккхахьа и хIуора!

– Бере-м вуон вац, – кIантехьа гIо даьккхира Iаьлбага. – Цхьа гуо а гал ца велира. Дика кIант ву.

ХІокхара къамелаш дешшехь, Акхболатан Ахьмада говрашца хьуьнарш кхайкхийра.

– Хьалха кхаа урах дехьа а, кхаа гIуркхана тIехула а эккхийтина, йогучу цIарна йуккъехула a бaьккхина, берда йисттехь дин сацо беза беречо, – кхетабора цо къовсархой. – Царах цхьаннах чекхвалаза висинарг йуьстахволу. Нагахь масех бере берда йистте кхачалахь, царах уггар йисттехь дин сацийнарг тоьлларг лорур ву. Къовса кечбелларш дIо дозане дIагIо. ЦIe марсайаьллачу хенахь тапча кхуссур йу ас. Шун пурбанца, сой, Акхтий берда йисте воьду.

Оцу уггар чолхечу, кхерамечу къовсaрeхь дакъалаца лууш иттех стaг бен ца велира.