Выбрать главу

Дайн ши мекх хьовзийна, адамийн тобанна тIехула курра бIаьрг кхарстийра Аваловс.

– Пурба луо суна оьрсийн толамечу эскарийн могIаршка баха кечбелла шун йуьртан уггар тоьлла кӀентий, – шен карарчу кехата тӀе хьаьжира Авалов: – Хортаев Асхьаб, Товсолтанов Хьуьси, Бораханов СаьIид, Сатуев Солтха а Цуьнан Императоран Воккхаллин цIарах декъалбан а, уьш кхетаме кхиийначу церан дайшна-наношна баркалла ала а! Шун некъ дика хуьлда, майра кӀентий! БIаьхаллин хьуьнаршца шайн къоман сий айъа аьтто хуьлда шун.

Тоьхначу тIараша йуха а йекийра майда.

Эла Аваловн къамел гочдан хьалхавелира поручик Ойшин Чомакх. Паччахьо йекхачу шуьнехь важош вацара шен тешаме йалхо. Ал басахь цIен беснеш, дуькъа, хьаьрса цӀоцкъамаш, царна бухахь хIиттина къинхетамза бIаьргаш, шад беш хабийна хьаьжайукъ. Тодеш, даим тӀе ка хьоькхуш латтош даккхий дуькъа, хаза мекхаш. Шуьйрачу некха тӀехь лепа мидал. Баьццарчу атласан гӀовталан ирахIоттийначу коча йуккъе Iаьвдина стомма ворта. Къамкъарг-м, хьаха, йац хӀумма а вуон йекаш. Даьссачу маьждиг чохь санна, чӀогIa a, шера а дека цуьнан аз.

Цо гочдечу элан къамелах ца бешаш, лохха биэларш лелха нахана йукъахь.

– ЧӀoгIa ирсе деха!

– XIай, бIаьрг ма хила вайна!

– Дела диса вай, оцу паччахьан и вай лардо тӀам а бойна, эрна!

Къайсарна тоххара кӀордийнера и къамелаш. Ден дагара хууш санна, цхьана меттехь саца ца туьгура цуьнан говр а.

– Дуьлойша, цIа гӀо вай, Iаьлбаг? – доттагIчун белша тIе куьг туьйхира Къайсара.

– Йукъара а къаьстина, дIадахча, гIиллакхе хир дац.

– Церан даьссачу хабаршка ладоьгIуш Iан деза ткъа?

– Собардер вай. XIинца а цхьаъ дан гӀерта уьш. Товсолта ву чардакха тӀе волуш.

Тахана йеха, баьццара оба а йуьйхина, лекхачу холхазан куйна гуонаха, ло санна, кӀайн чалба а хьарчийна, детица кхелина шаьлта йукъах а йихкина, кечвелла Товсолта-Хьаьжа говрахь, меллашчу боларехь вахана, чардакхна хьалха хӀоьттира. Кху шийтта шарахь Товсолта-Хьаьжа дукха хийцавалаза висинера. Амма халла хаалуш букара хьаьвзинера хьалхалера нийса букъ. Белшаш а жимма охьайахча санна хетара. Шен къежвалар хьулдора цо. Корта цIенна дIабошура, ткъа маж-мекхана сих-сиха цIен гIина дуьллура.

Товсолта-Хьаьжина тIаьххье, дикачу дойшна тӀехь вахана, цунна улло дIахӀоьттира цуьнан кӀант Хьуьси а, ХортIин Асхьаб а, Бораханан СаьIад а, Сатун Солтха а. Дика кечвелла вара хьалхара кхоъ. Детица кхелина говрийн гIирсаш, тIедуьйхина цхьатера чоэш а, гӀовталш а, коьрта техкина Iаьржачу холхазан куйнаш a. Малхехь лепара коча тийсина а, йукъахдихкина а безачу механ герзаш. Вуьшта, Солтханан барзакъ ледаро дара, цаьрца дуьстича.

Товсолта-Хьаьжина дагадеанарг хаа лууш, сакIамделла нах тапъаьлла тийна лаьттара.

– Тхан хьомсара хьаша, тхан лераме хьаькам эла Авалу! – тийналлехь даьржира Товсолта-Хьаьжин мукъаме, дуькъа аз. – XIара таханлера де цкъа а дицлур дац тхан йуьртана. Тхан къоьлле, мискалле ца хьоьжуш, тхуна куралла ца йеш, кхуза веанчу хьуна Дела реза хуьлда, Дала йуьхькӀомаца дукха а вахавойла хьо! Тхо цхьадолчийн лааме диллича, тахана вайн воьдург виъ хилла Iийр вацара. Оха уьш бIе хуьлуьйтур вара. Ма-луъу ца хилча – ма-торру, олуш ду тхан. Тхешан ницкъ кхаьчнарг дина оха. XIара тхешан бераш, хьалха – Делан, шолгIа – хьан кара ло оха. Тхуна боккха синтем бу хӀорш Момин Хьотица эскаре боьлхуш хилар а. Момин Хьота майра а, хьекъале а къонах ву. Иштта ша хилар цо гайтина вайн паччахьан мостагIашцарчу тIамехь. Ткъа шу, кӀентий, – тIехьа лаьттачу веанна тIевирзира Товсолта-Хьаьжа, – шу ледара ма хилалаш. Вайн сийлахьчу дена – паччахьна – шайн муьтIахьалла гайталаш. Хьаькамаша шайга сийначу цIерга лелха алахь – бӀаьрнегIар ца тухуш, йукъалелха. Варийлаш, шайх бехк балийтий, кIиллолла йалийтий, цIа ма дерзалаш. Гатийуьртахой тешна буьсу аш паччахьний, Россиний хьалха шайн декхар кхочушдийриг хиларх. Дала могаш-маьрша, толамца шайн доьзалшна тӀе цIа дерзадойла шу!..