Гена доццуш лаьтташ инарла Раевскийн эскарш ду бохург хезнера Давыдовна, Шен метта отрядана тІехь подполковник Степан Храповицкий а витина, инарла шен гергара стаг хиларе терра, и ган ваха сацийра цо.
Говрахь тІевеара цунна Александр Чеченский.
- Хьо стенга ваха кечвелла?
- Кхуза гена воццуш, хьуна цІе тиллина, Николай Николаевич ву бохург хезнера суна. И ган ваха воллу.
- Со ца вуьгу ахь хьайца?
- Вайшиъ ший а отрядана тІера валар ца дезара суна. Хьо бухасецча дика хир дара.
- Дика ду ГІуо хІета, соьгара маршалла а ло.
Давыдов дІавахара.
Сарахь юьрта чу юьйлира отряд. Интенданташка дІаделира йийсарш а, даьккхина герз а. Къаьсттина чІогІа баркалла бехира жижигана бежнаш далорна.
Мохь дІабаьлла яйелла отряд Красни-юьртахьа новкъа елира. Смоленскана дехьа яра иза. Хаамаш кхаьчнера, вухаволуш волчу мостагІчо цигахь баккхий ницкъаш гулбо, бохуш. СадоІуш хан кІезга а йойуш, хьалхахьа дІаоьхура отряд.
ШолгІачу Іуьйранна шело хІоьттира- Ло а догІура. Цхьана юьртахь садоІуш отряд Іаш, тІаьхьакхиира Денис Давыдов. Сиха хеттарш динчу цунна хиира юьртахь лаьтташ инарла Дохтуров хилар. Иза Суворовца цхьаьна тІемаш бина, майраллина цІе яхана инарла вара. И ган ваха сацийра Давыдовс.
Хазахийтира къеначу инарлина, Денис веана.
- Воккхаве, чІогІа воккхаве со хьох. Хезна суна хьан хьуьнарш дуьйцу.
Инарла Іуьйранна хІума яа охьахаа воллуш вара. Цо щеца охьахаийра хьаша а.
И шиъ стоьл тІехь хІума юуш Іаш, говрахь казак кхечира. Инарлин адъютанта хаийтира, фельдмаршала ша волчу кхойкху Денисе, аьлла.
Хазахетта тохаделира Денисан дог. ХІума яар юкъах а дуьтуш, сиха хьала а гІаьттина, инарла Дохтуровга шена бехк цабиллар а дехна, аравелира иза. Циггахь бІаьрг кхийтира цуьнан новкъа говр хаьхкина вогІучу ротмистрах Чеченскийх.
ТІе ма-кхаччара говр юхауьйзира цо.
- Вайга сийлахьчу эло Кутузовс кхойкху! Храповицкий хьал-ха дІаваха, суна тІе хьох кхетар а диллина, - элира цо сиха, воккхавер лечкъа а ца луш.
- ХІинцца элира соьга, - хаийтира Давыдовс- Эццахь шена тІерачу бедарх бІаьрг кхийтира цуьнан- - Ванах, хІокху бар закъца цунна хьалхахІотта бегІийла ма дац… делахь а, и кхетар ву! ТІеюху бедар хоьржу зама яц хІара! Вало! - олуш. говра кхоссавелира Давыдов.
Ахархочун цІа чохь вара Кутузов. Смоленщинехь долчу кхечу цІенойх къаьсташ дацара и сеццарш.
Давыдов, чоьхьа а ваьлла, неІсагІехь вулавелира.
- Схьавоьл, схьавоьл, сан диканиг… Хьо юххера вовза лаьа суна, даймахкана ахь даьхначу хьуьнаршна хьуна баркалла ала а лаьа!
Оцу дешнашца веза хьала а айбавелла, шен кІанте санна, Денисе а хьаьжна, тІаккха маравоьллира цо иза. ЦІеххьана, цхьаъ дагадеана, вухахуьлуш дІаса а хьаьжга, хаьттира Кутузовс:
- Мичахь ву и Чеченский? И ма ца го суна? Дукха хезна суна цуьнан майраллех а, цуьнан хьуьнарех а. И ган лаьа суна!
Адъютант дукха маса неІарх ара а иккхина, Чеченский ва-лош схьавеара. Кутузов шен цхьана бІаьрга леррина хьаьжира цуьнга. ТІаккха элира:
- Герга воьл, герга, сан диканиг, - Денисе аьллачу деш-нашца хьаьстира цо Чеченский, мара а вуллуш- Юха, массаьрга а хьожуш элира: - Со чІогІа дагна тоам хилла ву, аш дечу гІуллакхах. Шуна зеделлачо гайти суна, партизански тІамо мел пайда бохьу, мостагІчунна зенаш мел дин а, мел до а, мел дийр ду а хаийти…
Коьртакомандующи соцунха хилира. Иза кресло-гІанта охьахууш, Давыдовс элира:
- Хьан сийлалла бехк цабиллар доьху, оха, хІокху бедарца хьайна хьалха хІиттарна. Кутузов велакъежира.
- ТІом халкъан бу, сан хьомениг, аш дийриг дерриг а нийса ду. Суна бен ма дац, цхьаннан коьртахь кивер а йоцуш, куй хилар а, кхечуьнан, мундира кІел а доцуш, кетара кІел детта-луш дог хилар а- Доллучул коьртаниг ду, шуна халкъ гІатто
хаар.
- Оха ца гІовттийна адамаш, мостагІчуьнга болчу цабезамо гІовттийна уьш, - элира Давыдовс. - Хьан кхайкхамна жоп луш, ахархой берраш а гІевттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостагІчуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бехк цабиллар доьху хьоьга, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.
- ХІумма а дац, хІумма а дац, - синтем лущ. корта тесира Кутузовс. - Омра кхачаре хьоьжуш Іен хан ма яц вайна, даймохк кІелхьарабаккха беза хІораммо. Цхьа бехкам бийр бу ас шуна, шаьш язъечу донесенеш тІехь уъш ма хьехаделаш… Цул тІаьхьа Чеченскийгахьа вирзира Кутузов.
- Чергсийн мотт хаьий хьуна?
Оцу хенахь кавказхойх массарех а олура чергсий.
Чеченскийс жоп делира:
- Нохчийчуьра схьавалош, со жима вара. Россехь кхиийна со, сайн ненан мотт бицбелла богІу.
- Суна хазарца, хьуна цIе тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх?
- Ву те, сан гІайгІа беш, со шена тІелаьцнарг и ву.
- Со воккхаве Николай Николаевичах, тІеэцна кІант цуьнан ишта хиларх!
ЦІа чу велира, карта а, кехаташ а дохьуш, полковник Толь.
Давыдоввий, Чеченский, Храповицкий, Іодика а йина, араве-лира. Цигахь бевзаш болчу а, боцчу а штабан эпсаршна юкъ-анисбелира уьш. Берраш а бара, фельдмаршало цаьрца хІун дийцира, хаа лууш.
Тохара Нижегородски драгунски полкехь шеца цхьаьна гІуллакх деш хилла Павел Барэновский гира Чеченскийна. 1796-чу шарахь Дербент йсжкхуш хиллачу тІамехь дакъа а лаьцнера шиммо а. Ший а дукха къона вара хІетахь.
- Ма дагахь дацара суна, Александр, хьо кхузахь гур ву, аьлла.
- Хьуначул башха, Павел, суна а! Ший а мар-мараиккхира, велавелира.
- Хьо хьаннашкахь тІом беш ву, бохург хезнера суна. Накха а бу совгІатех буьзна, - даггара воккхавера Павел. - Шиъ Аннын орден, бантаца Владимир, Георгий… Шортта ю. Декъал-во ас хьо! - кхин цкъа а мэравоьллира цо иза.
- ТІаьхьависина-м хьо а вац, суна гарехь- Массо в ду вай цхьа хьанал гІуллакх душ! - элира Чеченскийс.
- Бакъ ву хьо цу тІехь. Валол, со волчу гІур ву вайшиъ Хьоьца жимма цхьаьна Іен лаьа суна, шира хІуманаш дага а лоьцуш.
Цхьаьна аравелира и шиъ.
Сахьт гергга хан яьлча, пийсакийн кеманаш тІехь а, даккхийчу гила-кеманаш тІехь а бердан йисте схьаэха буьйла-белира мостагІчун салтий. ТІаьххьара схьадеанчу пийсакийн кеманахь вара полковник ша. ПІелгаш куйнан йисте дехьина честь дина, вист а ца хуьлуш, тІехвелира иза гусарийн эпсаршна.
Нидерландин коьртачу шахьарехьа боьдучу новкъа дІабахара уьш.
Гусарийн полк гІопа чу яхара. БІе гергга йоккха топ а, ялх бІе кема а деара церан кара,
Кхиамца гІала-гІап Виллемштадт схьалацарна Чеченскийна Владимиран 3-чу даржан орден елира.
/. Гайсултанов
1. Выпишите из текста наречия, распределяя их по разрядам.
2. Покажите, с какими словами согласуются наречия текста. Определите синтаксическую функцию наречий текста.
3. Объясните историческое происхождение наречий. Объяс-ните, какие наречия изменяются по падежам.
4. Объясните, какие наречия переходят в сравнительную степень.
…ТІаккха Дудас, меллаша юха а вирзина, шен гІоьмеш йохку ши куьг, шайн утармех а тевжина, корта а оллийна, ехачу мож т!е наггахь куьг а хьош лаьттачу Бешир-моллина тІе а хьа-жош, - ПетІамат!.. И лаьтта Бешир-молла ву хьуна тахана дуьйна дІа хьан да, цо бохург дар. цуьнга ладогІар тІехь ду хьуна, - аьлла, Дудин къамел чекхдолуш, Дудина тІекхача дагахь стражникашна юкъаоьккхуш йоллу ПетІамат цхьана стражнико Іоьттинчу тоьпан буьхо йхакхоьссина охьайоьжча, доккчачу хьаьжа юккъе сийна шед хІоьттинчу Дудас. - Эй! чорт! Я тебе дам, - аьлла, шена юххерчу старжникан вортан тІе болатан гІоьмеш йохку шен ший а буй туьйхира. Оцу мет-техь хьалхавоьду Хьаьбиб а юхахьаьжира. ТІаьхьарчу шина стражнико, тоьпан баххаш тоьхна. Дуда генна хьалха берталва-хийтира.