Тоьпан буьхо човхийнчу ПетІаматана деге лазар деара. Цо гІийлачу эшарехь - ва Дада!.. ДадаІ-.ХІара хІун ду? ХІара хІун ду? - олуш, шен хаза дег! ирчу бІаьллаш тІе охьадиллира, шен горга юьхь горгачу малхе а ерзош.
Дикка лазийна Дуда, халла гІаьттира хьала. ТІаккха гІийла корта ластийна, гонахарчу нахах эхьхетта, уккал а таІийна, дІаволавелира.
ДудагІарна тІаьхьабевлла лаьтта зударш шийлачу маьхьар" ца ПетІаматна тІехьаьвдира. Лаьтташ болу божарий, цкъа Іуьллучу ПетІамате хьовсуш, тІаккха Дудина тІаьхьа хьовсуш лаьттара, шайн декъа балдаш лакхарчу цергашца а къуьйлуш, шаьлтанашна тІе каш а дехкина, наггахь вовшашка а хьов-суш, хала садетташ.
ДудагІар чехка кхечира кху юьрта юккъерчу майданарчу правлене. Уьш, Хьаьбиб хьалха а волуш, цунна тІаьхьа Дуда а хІоттийна, чубахара.
Малх дикка хьалабаьлла лаьттара, стиглахь неканца лела овкъаран басара мархаш, чевнан бамбин басарчу мархашца хийцаеллерэ. Аьрцнашна тІехьа генна йийшина Іохкуш бодане мархаш а гора, Майданхула наггахь лезанан ворданаш а юьйлура тІех. ДІасалелаш тІехь беркъа а, цІена а кегий, баккхий нах а бара. Наггахь тІехйолуш зуда а гора, шен корталин тІам бете а уьйзуш.
Чувигина Дуда сахьт а далале ваьккхира цу правленин майдана хьалха йолучу уча. Цунна уллохь тоьпашца ши страж-ник а вара эрмалойн мажошца.
Дуда, шена цу чохь еттарна, коьртах оьху цІий лерга улло-хула охьахьодуш хаадаларна делахь э, шен куьйгех йохкучу гІоьмех а тосуш, когех болатан буржал тохарна делахь а, хьал-халерчул дикка гІелвеллера. Кхо шен декъа балда цергашца лаьцначуьра дІа ца хоьцура. Кхуьнан шена хьалхарчу майдана юккъехь доллучу лекхчу дитта тІехь декаш Іачу хьозех бІаьрг кхийтира. Уьш, цІеххьана хьала а лилхина, шайна луъ-луучу агІор дІасхьадовлуш а гира Дудина. ХІара, леррина цкъа цаьрга а хьаьжна, юха шен куьйгех, когех йохкучу болатан чІагаршка а хьаьжна, «да вала хьан, дуьне делаІ-кх», - аьлла, ойла ян хІоьттира. Оццу меттехь, кхуьнца волчу щина стражнико шайна хьалха, чІогІа шодмийн татанаш а дохуш, говрашкахь ялх стражник дІахІоьттича, Дуда царна юккъе дІа а хІоттош, цаьога цІен печать тІехь а долуш, доккха кІайн кехат дІаделира. ТІаккха хІара говрашкахь болу стражникаш, гІаш волчу Дудина гонах а бевлла, юьйлинчу тоьпашца кху юьртан боккхачу урамехула дІабуьйлабелира, гІала баха. Дудин ондачу дегІахара болатан чІагарш, дехха аьзнаш а кхуьйсуш, ека а йолаелира.
С. Бадуев
Постарайтесь запомнить и записать в свою тетрадь интересные для вас пословицы и поговорки.
1. Сих ма ло, виц ма ло. Не спеши и не забывайся.
2. Лаца ма лаца ден маж, лаьцча дІа ма хеца. Не хватайся за отцовскую бороду, но если схватишься, не выпускай (соотв.: взявшись за гуж, не говори, что не дюж).
3. Хьалха хьажаза ког ма баккха тІехьа хьажаза дош ма ала. Не посмотревши вперед, не делай шагу; не посмотревши на-зад, не вымолви слова.
4. Палс ма-ббу хеца ког. По паласу и ноги протягивай.
5. Чорпано вагийнчо хина хІуп баьхна. Обжегшись на супе, дует на воду
6. Церг йоцуш борз ца хуьлу. Волк не бывает без зубов.
7. Денна ца яхьа хиэ чалх. Не каждый день река ворох приносит.
8. ГІаз тІаьхьа хьаьдча, Бекха а ца воьхна. И Бек не растерялся, когда за ним побежал гусь.
9. Іаж Іожана гена ца бужу. Яблоко от яблони недалеко падает.
10. Іиллинчу барзал лелла цхьогал тоьлла. Бегающая лисица лучше лежащего волка-
11. Нанас бер дилхича дакхадо. Мать кормит дитя, когда оно заплачет.
12. Чохь диснарг - деши, арадаьлларг - дети. Что осталось - золото, что ушло - серебро,
13. ЦІей, хий цхьаьна тарлац. Огонь и вода не уживаются.
14. Хиэ хьер хьийзайо. Вода мельницу крутит.
15. УгІуш яханчу барзо сай ца лаьций. С воем рыскающий волк оленя не поймал.
16. Нехан говро ирхе дика йоккху. Чужая лошадь подъем хорошо берет.
17. Газа иккхинчухула буьхьиг а иккхина. Куда коза, туда и козленок.
18. Маха леллачухула тай а лела. Куда игла, туда и нить.
19. ДогІанах ведда, чухчари кІел иккхина. Из-под дождя под водопад.
20. Вехначунна хьераваьллачо некъ битина. Сумасшедший уступил дорогу пьяному.
21. Бартболчу цицигаша бартбоцу берзалой эшийна. Дружные кошки победили недружных волков.
22. Бартбоцчу доьзалехь беркат хир дац. В недружной семье не будет добра.
23. Ваша ваша вац, и хьан доттагІ вацахь. Брат - не брат, если он тебе не друг.
24. ДотгагІ шираниг тоьлу, керт керланиг тоьлу. Друг лучше старый, а забор новый.
25. ТІамо стаг вина вац, тІамо стаг вийна. Война человека не рождает, а убивает.
26. Хазачу дашо Іуьргара лаьхьа баьккхина. Красивое слово из норы змею вытащило.
27. Дохнаца хьекъал эцалур дац. Богатством ума не купишь.
28. Къеначу барзо ши уьстагІ баьхьна. Старый волк двух баранов утащил.
29. Охуш аьлларг оруш карийна. Сказанное при пахоте нашлось при молотьбе.
30. Іиллинчу тІулга кІел хи ца кхаьчна. Под лежащий камень вода не течет.