Аннотация
Жайна яздинчун дешхьалхе
ХIара дацдина жима жайна ду, ас сайн:
( الذِّكْر وال دعاءُ والعِلاَج بِالرقَى مِ ن الكِتابِ وال سنةِ )
(Зикр а, доIа а, рукъйатца дарба лелор а, Къуръан тIера а, Суннатера а схьаэцна долу) – аьлла цIе йолчу
жайни тIера дацдина. Цу жайни юккъара зикрах лаьцна долу дакъа дацдина схьадаьккхира ас, лело атта
хилийта.
Ас зикран дешнаш бен ца даладо кхузахь, и зикр стенгахь деана ду дуьйцуш долу цхьаъ, я шиъ бен жайна а
ца хьаха до. Ткъа нагахь санна хьуна и зикр дуьйцуш долу хьадис дийцина асхьаб вовза лаахь, я иза стенгахь
ду хаа лаахь, хьо хьажа хIокху жайнин бухе (лекхахь хьахийна долчу жайни тIе).
Ас АллахIе доьху, Цуьнан хазчу цIерашца, Цуьнан лекхачу сифаташца, Цо хIара жайна Шен доьхьа дар,
хIокхуьнах суна сан дахарехь а, со веллачул тIаьхьа а пайда бар. Иштта хIара жайна дешначунна а, я
зорбатоьхначунна, я хIара арахоьцуш дакъалаьцначунна а хIокхуьнах пайда бар доьху ас АллахIе. Баккъалла
а АллахI – Сийлахь-ЦIена ву Иза – цу тIехь ницкъ кхочуш верг а, цунна гIо ден верг а ву.
Делера салават а, салам а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна, цуьнан охIлунна а, асхьабашна а, цIенчу
даггара къемат де кхаччалц царна тIаьхьабаьзначарна а.
СаIид ибн Iалий ибн ВахIф АлкъахьтIанийй.
Сафар бутт, 1409 шо.
Комментарии к книге "Бусалба стеган гiап (крепость мусульманина)"